Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо акха виркхел санна ю, яьссачу аренгахь Іан Іемина йолу, шен хьайна хиларехь мерІуьргашца хІаваъ муьйлуш йолу. Хьаьнга юхаозалур ю иза, сел чІогІа лууш хилча? Иза оьшуш мел йолчу виро ша кІадъян ца еза – оре еанчу хенахь иза атта карор ю. Мел ханна хир ду хІара латта дакъийна, мел ханна хир ю хІора кха тІехь буц якъаелла? Цигахь Іаш болчеран Іесалла бахьана долуш, олхазарш а, акхарой а хІаллакьхуьлуш ю. Цу тІе а наха боху: «Далла ца хаьа тхан чаккхе муха хир ю». Ма узарш до даьхнино! Хьайбанаш а ду охкаделла лелаш! Яц царна дежийлаш. УьстагІийн жаш а ду гІайгІане.
Выбор основного перевода