Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн де доьхча, Соьга кхайкха. Ас хьо кІелхьарвоккхур ву, ахьа Сан сий дийр ду». Ахь хьайн багах вон дешнаш а довлуьйту, хьан матто мекарло а кхуллу. Хьо сан сатийсар ду, Хьалдолу Эла, жимачохь дуьйна дегайовхо ю. ХІунда аьлча Со Веза Эла, хьан Дела, Исраилан Веза Дела, хьан КІелхьардоккхург ву. Ас Мисаран къам дІало хьан паргІатонах. Хуша а, Себа а дІало хьох. Цо элира: «Иза Сан халкъ ду, мекарлонца лелар доцу бераш ду уьш». ТІаккха Иза церан КІелхьардоккхург хилира. Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю. Хьо витинарш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Хьох дІабевллачеран цІераш эхарте дІаязйина ю, хІунда аьлча шайна цІеначу хин хьоста хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина. Сан халкъана дуьхьал мел кхеттарг, царна вонаш деш вара. Церан мостагІаша бохура: „Тхо бехке дац, хІунда аьлча цара Везачу Элана дуьхьал къинош летийна. Веза Эла церан бакъйолу Іаш йолу меттиг ю, ткъа Цунах церан дай тешна Іаш бара“.
Выбор основного перевода