Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа къинош летор бахьана долуш догІанаш а севцинера, бІаьста догІу догІа а цхьаьна. Амма тІаккха а хьуна эхь ца хетара – хьан юьхь кхахьпанан санна яра, эхь ца хеташ. Эхьах дузийша, латталелорхой, делхийша, кемсашлелорхой, гІайгІане хилийша кІена а, мекхана а, хІунда аьлча хІаллакьхилла кхаш тІехь ялта. Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла! ЦІеро ма ягийна яьссачу аренан дежийлаш. ЦІеран алуно дагийна аренашкара дерриге а дитташ. Ур-атталла дийнаташа а орца доккху Хьоьга, охьаоьхуш хилла йолу хин Іовраш якъаелла дела, цІеро яьссачу аренан дежийлаш хІаллакйина дела.
Выбор основного перевода