Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхІудан а, Ярушалайман а халкъ ледеш хилла те Ахьа, цаьрга: „Шу долчохь машар хир бу“ бохуш, церан логе тур хІоттийнашехь?» Цара Везачу Элах лаьцна харцдерг дуьйцура: «Везачу Эло тхуна хІумма а дийр дац, тхуна цхьа а тайпана вон дерг а хир дац, тхуна мацалла а гур яц. Сан къомана тІехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хІумма а дац бохуш. Цара Сан къам Іехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. Цундела Аса церан зударий кхечарна дІалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дІа. КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Цара массо а хенахь Сох ца бешаш болчаьрга олу: „Везачу Эло боху: шу долчохь машар хир бу“, ткъа шайн аьрхачу дегнашца лелаш болчаьрга цара олу: „Шуьга бохам богІур бац“».
Выбор основного перевода