Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Акацин дечигах тІорказ де. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а хила деза. Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула». Исраилхошна юкъахь Іийр ву Со, церан Дела а хир ву Со. ГІаттахьа, Веза Эла, вижина хІунда Іа Хьо? Самавалахьа, гуттаренна а дІа ма тасахь тхо! Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хІунда вацара? Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хІунда ца делира? Сан куьг дацделла ткъа шуна гІо дан, я Сан ницкъ дІабаьлла ткъа шу кІелхьардаха? Ас Сайн омрица хІорд бакъабо, хих яьсса аре йо, тІаккха царна чуьра чІерий, хи а ца тоьий, дахкало, хьогаллина ле. Хьажал, Везачу Элан куьг шу кІелхьар ца даххал доца дац. Цуьнан лерг шу ца хаззал къевлина дац. Ахь тхан дола цкъа а ца дича санна, Хьан цІе тхоьца ца йоьзча санна хилла дІахІиттира тхо. ЛадогІахь гІо доьхуш долчу сан къоме. Цо боху: «Цийонехь Веза Эла кхин вац те? Цигахь цуьнан Паччахь кхин вац те?» Амма Везачу Эло боху: «ХІунда вахийтина те цара Со оьгІаза, шайн хІумма а йоцу харцделанаш а, цІуш а бахьана долуш?» Хьан дешнаш соьга схьакхечира, аса уьш сайн кийрахь дІадехкина. Оцу дешнаша со ирс долуш вина, сан дага чохь самукъадалар а кхоьллина, хІунда аьлча со Хьан долахь ма ву, массо а ницкъийн волу Веза Дела! Сан Дела! ДІахазахьа, Хьайн лерг схьа а дерзадай, хьажахьа, Хьайн бІаьргаш дІа а беллий, тхуна хиллачу бохаме а, Хьан цІе йоккхуш йолчу гІалане а, хІунда аьлча тхайн доІанаш до оха Хьуна хьалха, тхан бакъхилар бахьана а доцуш, ткъа Хьан боккхачу къинхетаме сатуьйсуш.
Выбор основного перевода