Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Шен халкъах а, Шен хІусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тІе. Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьІаьржачу хІиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чІогІа алсам а йоккхуш. Хьайн лай болчу пайхамаршкахула Ахьа тхоьга дина весеташ дара. Ахьа тхоьга элира: „Шун дола даккхархьама шу дІадоьлхуш долу латта – иза шена чохь Іаш долчу къаьмнаша лелийна дегазачу гІуллакхаша талхийна латта ду. Дегаза хІуманаш а лелош, церан боьхачу гІуллакхашца оцу адамаша и латта дуьзнера цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц. Тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан дайша а Хьан товрат-хьехамаш кхочуш ца бора, Хьан весеташка ла ца дугІура, Ахьа дагадаийтинарг тергал ца дора. Шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц Аса Сайн ялхой болу пайхамарш оьхуьйтура шу долчу. Аса уьш шу долчу кест-кестта бохкуьйтура. Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Сох тидам а ца бора. Цара шайн юхахьараллица церан дайша чул а дукха вон лелийра. Ва Веза Эла! Тхан паччахьаш а, элий а, дай а юьхьІаьржачу хІиттина бу, оха Хьуна хьалха къинош летийна дела. Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тІедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТІаккха шун дай Суна тІе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гІуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“».
Выбор основного перевода