Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга Аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу Ярушалайме а гІойла». Веза Эла – Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхІуд-махкарчу Ярушалайме а гІойла, аша Везачу Элан цІа а дойла. Ярушалаймехь долчу Делан цІенна тІехь беш болу белхаш сацийнера. И болх сацийначохь лаьттира Парсин-мехкан паччахь Дари-Ваша паччахьаллехь волу шолгІа шо доладаллалц. Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгІачу шеран Нисан-баттахь паччахьна чагІар чудеара. Аса и чагІар, схьа а эцна, паччахье дІакховдийра. Со гІайгІанехь вара. ХІинца чул хьалха со паччахьна хьалха цкъа а цу тайпана цахиларна, цо соьга хаьттира: «Хьан юьхь кхоьлина хІунда ю? Могуш воцуш-м вац хьо? Суна гуш ма ду хьан дог гІайгІане хилар». Со чІогІа кхеравелира. ТІаккха аса паччахье элира: «Паччахь гуттара а вехийла! ГІайгІанна сан юьхь кхоьлина муха хир яц, сан дай дІабоьхкина йолу гІала йохийна лаьтташ хилча, цу гІалин кевнаш а дагийна хилча!» ТІаккха паччахьо соьга хаьттира: «Хьуна хІун лаьара?» Айса жоп далале, аса стигаларчу Деле доІа дира. Цул тІаьхьа аса паччахьна жоп делира: «Паччахьан лаам а хилахь, иза шен лай волчу суна реза а велахь, со ЯхІуд-махка вахийтахьара цо. Сайн дайн къуббанаш йолчу гІала а вахана, и гІала юхаметтахІоттор яра аса». ТІаккха шена уллохь зуда-паччахь а йолуш Іаш волчу паччахьо соьга хаьттира: «Некъана дукха хан оьший хьуна? Хьо юха маца вогІур ву?» Аса сайна мел хан оьшу дІааьлча, паччахь реза хилира со цига вахийта. Аса паччахье кхин а элира: «Хьан лаам хилахь, аса доьху хьоьга, суна Эпрат-хина малхбузехьа йолчу меттигийн хьаькамашка яздина долу кехаташ далар, ЯхІуд-махка со маьрша дІакхачийтархьама. Суна иштта паччахьан хьун карахь йолуш волчу Асайпе яздина долу кехат а оьшу, цуьнга суна Делан цІа долчохь йолчу гІопан кевнаш а, гІалин пен а, со чохь Іийр волу цІа а дан ханнаш далийта». Сан Дела Шен диканца соьца хилар бахьана долуш, паччахьо аса мел аьлла долу хІума суна делира. ТІаккха Хьо реза хир ву бакъдолчу сагІанашна, дийнаташ дагоран сагІанаш а тамехь хир ду Хьуна, тІаккха Хьан сагІа доккхучу кхерча тІе стерчий дохкур ду. ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла. Яхьъяс, царах шиъ схьа а кхайкхина, Веза Эла волчу вахийтира Цуьнга хатта: «Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?» – аьлла. Іандара, цу сохьта шен ваша ШамІа схьа а лехна, элира цуьнга: «Тхуна Машахь карийна». (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду.) Зудчо элира Цуьнга: «Суна хаьа Машахь вогІур вуй». – (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду). – «Ша веача, Цо дерриге а хьоьхур ду тхуна».
Выбор основного перевода