Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Хьайн лерг тІе а дай, ладогІахьа, Веза Эла, Хьайн бІаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогІахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, дуьйцучуьнга. Хьо чІогІа къинхетаме хиларна, Ахьа уьш яьссачу аренгахь а дІа ца тесира. Дийнахь царна некъ дІагойту мархин бІогІам дІа ца хьулбира Ахь, буьйсанна уьш схьабан безаш болу некъ серлабоккху цІеран бІогІам а дІа ца баьккхира Ахь. Хьайн лерг тІе а дай, ладогІахьа, Веза Эла, Хьайн бІаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогІахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, мел дуьйцучуьнга. Со Сайн цІе лелош йолчу гІалина Ярушалаймана Айса дан леринарг дан волалуш ву. Шуна моьтту хир ду шайна таІзар ца деш Аса шу дуьтур ду. Дуьтур дац! Аса туьре омра до, дуьнен тІехь мел болчу нахана таІзар де аьлла, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Выбор основного перевода