Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Шу кхузахь совца. Аса хІинца Везачу Элана хьалха шух бехк боккхур бу, Цо шуна а, шун дайшна а дина дика гІуллакхаш дага а доуьйтуш. Веза Эла! Хьоьга ларвойту аса со. Цкъа а юьхьІаьржачу ма хІоттийтахьа со. Хьайн нийсонца со паргІатваккхахьа. Уллора къаьмнаш тхох кхаьрда, гонах мел верг тхох воьлуш а, тхо сийсаздеш а ву. qac Дqac*ІахІитти-кх коьрте цуьнан массо а мостагІий, Иза цаезнарш тоьллачу хьолехь бу. Везачу Эло цунна и вон тІедаийти, Цуьнан бахьана а цуьнан дукха къинош хилар ду. МостагІашна хьалха, йийсаре а дахана, Доьлхуш, дІаоьхуш цуьнан бераш а ду. Цундела ладогІа, Исраил-мехкан лаьмнаш, Хьалдолчу Элан даше. Цо боху лаьмнашка, гунашка, Іаннашка, тогІешка, йохийна лаьттачу меттигашка, иштта шуна гонах долчу кхечу къаьмнашна ижуна хиллачу а, церан кхардам хилла дІахІиттийначу а яьсса лаьттачу гІаланашка’. ХІордана а, уггар хазачу а, безачу а ламанна а юкъахь шен паччахьаллин четарш дІасадаржор ду цо. Амма шен хІаллакьхиларна тІевогІур ву иза, цунна цхьаммо а гІо а дийр дац». Іумари-паччахьан парзаш а, Ахьаб-паччахьан цІийнан массо а гІуллакхаш а ахь лардарна а, церан ламасташца шу леларна а, Ас хьо, йохийна, яссор ю, ткъа хьан бахархой, шок а лоькхуш, боьлуьйтур бу. Сан халкъан сийсазалла ахь а хьоьгур ю». Везачу Эло иштта боху: „Цийон-лома тІе юха а вирзина, Со Ярушалаймехь вехар ву. Ярушалаймах тешаме гІала эр ду, ткъа массо а ницкъийн Везачу Элан ломах – беза лам эр ду“.
Выбор основного перевода