Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «ХІинца гур ду хьуна Ас пирІунна дендерг. Онда куьг шена тІехь хааделча, цо дІахоьцур ду Сан халкъ. Цо ша арабохур бу уьш шен махкара». Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кІелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргІат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таІзарш а деш. аш цаьрга иштта дІаала: „Вай Мисар-махкахь пирІунан леш дара, амма Везачу Эло вай арадехира Шен ондачу куьйгаца. Исраилан халкъ – Хьан лай а, Хьан халкъ а ду, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а мах баккхарца паргІатдаьккхина долу. Веза Эла, Ахьа инзаре гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а йина Мисар-махкахь, ткъа хІара хан тІекхаччалц изза деш ву Хьо Исраил-махкахь а, массо а адамаш долчу меттехь а. И хІума бахьана долуш массанхьа а гІараяьлла Хьан цІе. Тамашийна билгалонаш а, инзаре гІуллакхаш а деш, нуьцкъалчу куьйгаца а, тІекховдийначу пхьаьрсаца а, доккхачу къематаца а Хьайн Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхина Ахьа.
Выбор основного перевода