Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ЯхІудхойн тхьамданаша Делан цІа даран балха тІехь кхиамаш бохура, Хьагайс а, Іидун кІант волчу Закри-ЯхІус а Делера болчу хаамашкахула уьш иракара а хІиттош. Цара Исраилан Дела волчун лаамца, Парси-мехкан паччахьаша Къуреша а, Дари-Вашас а, иштта Артахь-Шаштас а ма-аллара кхочушдора шайна тІедиллинарг. ТІаккха цу стага элира соьга: «Даниал, Далла везаш волу стаг! ХІинца со хьайна тІеваийтина дела, ас хьайга эр долчу дешнийн духе кхиалахь. Хьайн когаш тІе нийса дІахІотта». Цо и дешнаш сайга аьлча, вегош, хьалагІаьттира со. ТІаккха цо соьга элира: «Ма кхера, Даниал. Далла хьалха хьайн дог эсала а дина, хІокху хаамах кхета гІерташ, ахь дина доІанаш дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна Далла дІахезна. Ахь дехна дела веана со. «Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хІума“ езачу метте дІахІоьттина шайна гича, – (хІара доьшург нийса кхетийла!), Иза йолчу а деана, малико элира: «Маршалла ду хьоьга, Дала хьуна диканиг динарг! Веза Эла хьоьца ву!»
Выбор основного перевода