Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Халкъ хІаллакдан Ша дина омра берриг а махкахула кхочушдан воллу массо а ницкъийн Хьалдолу Эла. Массо а ницкъийн Хьалдолу Эла Ша омра дина хІаллакдар берриг а махкахула кхочушдан воллуш ву. Цуьнан эскархоша Делан цІа а, керт а бехйийр ю. ХІора дийнахь сагІа даккхар а сацор ду, вас еш йолу къемате хІума а дІахІоттор ю цо, цунна Іибадат а дойтуш. Цу паччахьо шена луъург а, дагадеънарг а дийр ду. Иза муьлххачу делал лакха а вер ву, кура а вер ву. Деланашна тІехь а Дела верг емал а веш, луьйр ву иза. Делан оьгІазло хиллалц иза тоьлур ву, хІунда аьлча билгалдаьккхинарг кхочушхир ду. «Иштта, Даниал-пайхамарехула аьллачух „вас еш йолу къемате хІума“ езачу метте дІахІоьттина шайна гича, – (хІара доьшург нийса кхетийла!), «Ткъа хІотто ца дезачохь, „вас еш йолу къемате хІума“ хІоттийна шайна гича (хІара доьшург нийса кхетийла!), тІаккха цу хенахь ЯхІуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дІаводийла. «Ярушалайм эскарша го бина гича, хаалаш, и йохо хан гергакхаьчна хилар.
Выбор основного перевода