Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Амма, шена тІедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тІаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас. ТІаккха шайн а, шайн дайн а харцонашна уьш къера хилахь (цара Суна дуьхьал зуламаш дарна а, уьш Суна дуьхьал бовларна а, Цундела хаалаш, исраилхой, шун, Веза Дела бен, бакъволу Дела вац. Иза тешаме Дела ву, Цо Шен безаман барт ларбо Ша везачаьрца а, Шен весеташ кхочушдечаьрца а церан эзар тІаьхьенна тІекхаччалц. Ма кхера царах, хІунда аьлча шуна юкъахь волу шун Веза Дела – сийлахь а, ларамах бузуьйтуш волу а Дела ву. ТІаккха сайн доІанехь аса дийхира: «Ва Веза Эла, стигалийн Дела, сийлахь а, нах ларамах бузуьйтуш а волу Дела. Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш волчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь! Хьан лергаш ладугІуш хуьлийла, Хьан бІаьргаш схьабиллина хуьлийла дийнахь а, буса а, Хьайна хьалха Хьан лай долу Исраилан халкъ доьхуш доІа деш волчу Хьайн лай волчу сан доІа дІахазахьа. Исраилхой долчу оха, со а, сан ден доьзал а цу чу а богІуш, Хьуна дуьхьал летийначу къинойх лаьцна мукІарло до аса.
Выбор основного перевода