Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цхьа Іахар Іуьйранна баккха, важа сарахь баккха. Суьйренан сагІа доккхучу хенахь Эли-ЯхІу-пайхамар сагІа доккхучу меттигна улло веара. Цо доІа дира: «ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волу Веза Эла! Таханлерчу дийнахь дІахаийтахьа Исраилан халкъан Дела Хьо цхьаъ вуйла а, со Хьан лай вуйла а, аса и дерриг а Ахьа ма-аллара динийла а! Цунна тІехула лаьттара сирап-маликаш. Церан хІораннан а ялх тІам бара: шинца цара юьхь дІакъовлура, шинца когаш къайлабохура, ткъа шинца тІема довлура уьш. ТІаккха Улай-хин тІера адаман аз хезира суна. Цу озо, кхойкхуш, бохура: «Джабраил-малик, кху суьртан маьІна дехьа цунна!» Иза соьга вистхуьлучу хенахь, чохь са а доцуш, бертал воьжна Іара со. Ткъа цо, соьга куьг а кховдийна, со когаш тІе дІахІоттийра.
Выбор основного перевода