Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан дайша а Хьан товрат-хьехамаш кхочуш ца бора, Хьан весеташка ла ца дугІура, Ахьа дагадаийтинарг тергал ца дора. «Къола дечохь схьалаьцначу къуьнна эхь хетийтаре терра, юьхьІаьржачу хІоьттина Исраилан тІаьхье – къам а, паччахьаш а, баьччанаш а, церан динан дай а, пайхамарш а. Тхайн эхь тІехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тІехь хуьлийла, хІунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугІуш“». Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тІерадевллера тхо. Хьан цІарах тхан паччахьашка, тхан элашка, тхан дайшка, тхан дерриге а халкъе бистхуьлуш болчу Хьан пайхамаршка ла ца дугІура оха.
Выбор основного перевода