Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Цуьнан гІуллакх харц къасторна, Иза дІаваьккхира. Амма Цуьнан тІаьхьенах лаьцна хьан ойла йора? Дийначеран лаьтта тІера дІаваьккхина вара Иза. Сан халкъан къинош бахьанехь Цунна ницкъ бира. ТІаккха цуьнан кІенташа караоьцур ду герз. Цара цхьаьнатухур ду Іаламат доккха эскар. Иза, дистина хи санна, сихха дахана, чекх а даьлла, юхадоьрзур ду. КІенташа тІом бийр бу мостагІийн гІалин гІопана тІекхаччалц. Амма дерриге а дІахьулдечу хин дестаро санна, Цо кхоччуш дІайоккхур ю Нунав-гІала. Шен мостагІий Цо бодане дІахьулбойтур бу. Цо цаьрга элира: «ХІара шадерг а гой шуна? Аса баккъалла а боху шуьга: И дерриге а хІаллакдийр ду, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш». Іийсас жоп делира царна: «ХІаъ, хьалха билггала Эли-ЯхІу-пайхамар ван веза, массо а хІуманна тІехь низам хІотторхьама. Ткъа Адамийн КІантах лаьцна яздина хІунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла? Іийсас дуьхьал жоп делира: «Гой хьуна и яккхий гІишлош? И дерриге а хІаллакдийр ду, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш». Цхьа денош догІур ду, мостагІаша го а тесна, баьрзнаш а дина, хьо юкъа а йоьллина, массо а агІор хьо къовлуш. ТІулга тІехь тІулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш».
Выбор основного перевода