Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Эли-ЯхІус оцу зудчуьнга элира: «Ма кхера, зуда, дІа а гІой, айхьа бохург де. Амма цкъа хьалха хьайн долуш долчух жимо совсаза хьокхам а баттий, суна схьаба, цул тІаьхьа хьайна а, хьайн кІантана а яа хІума кечъе. ХІунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Хьан текхара дама а хедар дац, кхаби чуьра даьтта а жимлур дац, Везачу Эло лаьтта догІа даийтталц“». Цо, дІа а яхана, Эли-ЯхІус боххург дира. Дуккха а деношна Эли-ЯхІуна а, оцу зудчунна а, цуьнан кІантана а яа хІума тоьура. Шен халкъах а, Шен хІусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тІе. Цаьрга ала: „Везачу Эло иштта боху: Аса шайна белла болчу товрат-хьехамца а лелаш, аша Соьга ладогІа деза! Аса дукхазза а шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла ца дугІура. ХІинца церан дешнашка аша ладогІа деза! Делан озе ла ца дугІу цо, ша нисъяйтар тІе ца оьцу. Иза Везачу Элана тІе ца тевжа, шен Далла юххе ца гІерта.
Выбор основного перевода