Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Исраилан халкъан баьччанаш Ярушалаймехь баха охьахевшира. Халкъах кхиболчара кхаж таса безаш бара, халкъах долу уьтталгІа дакъа схьакъасторхьама. И схьакъастийнарш езачу гІалахь Ярушалаймехь баха ховша безара. Ткъа тІаьхьадисина долу къоман исс дакъа шайн-шайн гІаланашкахь даха диса тарлора. ДогІа а, ло а, стигалара охьа а догІий, цара латта даша а дой, цу тІехь хьаладолург кхуьуьйту, ялта дІадуьйш волчунна хІу а, юуш волчунна юург а хуьлуьйтуш. ТІаккха бен уьш стигала юха ца доьрзу. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Уьш Аса Сайн ялхо волчу Якъубана делла долчу лаьтта тІехь баха ховшур бу. Цу лаьтта тІехь церан дай а баьхна, цигахь уьш а, церан бераш а, берийн бераш а дехар ду массо а хенахь, ткъа Сан ялхо волу Дауд церан эла хир ву массо а хенахь. Далла тешаме Верг а, Делан лаамехь Верг а тІе ца оьцуш, стаг вийна зуламхо кІелхьарваккха аьлла, дийхира аша. Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. Цундела дерригенна а тІехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан.
Выбор основного перевода