Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
И дерриг а иштта хилира, Ярми-ЯхІугахула Везачу Эло аьлла дешнаш кхочушхилийтархьама. Лаьтте садоІуьйту шераш ца даздарна шена дина долу зен лаьтто такхийтира, ерриг а ша дассийна Іиллинчу ханна са а доІуш, кхузткъе итт шо дуззалц. Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: Кхузткъе итт шо дІадаьллачул тІаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таІзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса. «ХІокху лаьтта тІера дерриге а халкъе а, динан дайшка а иштта дІаала: „Шаьш, делха а доьлхуш, шеран пхоьалгІачу а, ворхІалгІачу а беттанашкахь марханаш кхобуш (иза аша деш долу-м кхузткъе итт шо ду), Сан дуьхьа-м ца кхобура аша и марханаш? Сан дуьхьа дара те иза?
Выбор основного перевода