Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Сайн ялхойн дешнаш дІачІагІдо Ас, Сайн геланчаша аьлларг кхочуш а до. Ас аьлла Ярушалайме: „Цунна чохь халкъ дехаш хир ду“, ткъа ЯхІудан гІаланашка: „Уьш юха а дІахІиттийна хир ю, церан къапалгаш Аса юхаметтахІиттор ю“. «Ярми-ЯхІу, ваха а гІой, хушахо волчу Іабайд-Малике хІара дешнаш дІаала: „Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘ХІокху гІалина, диканиг а ца деш, бохам бийр бу аьлла долу Сайн дешнаш кхочушдан хІоьттира Со. Иштта хилча, хьан бІаьргашна хьалха иза кхочушхир ду. qac Мqac*ассо а новкъахула тІехдовлурш, шуна иза хІумма а дац! БІаьрг тохий, схьахьовсийша, юй те иштта цамгарш? Дуй те иштта лазар, суна кхеттарг санна? Буй те иштта бала, суна белларг санна? Везачу Эло Ша кхачийтира иза суна Ша оьгІазваханчу цу халчу дийнахь. Аса шуна тІехь Айса цхьанна а тІехь ца динарг а, я цхьанна а тІехь кхин цкъа а дийр доцург а дийр ду, аша мел дина дегаза гІуллакхаш бахьана долуш. Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тІедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТІаккха шун дай Суна тІе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гІуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“».
Выбор основного перевода