Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доІанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“. Тхайн дайша санна оха къинош летийна. Оха вонаш а дина, Іеса а лелла тхо. «qac Тqac*къа Веза Эла бакъонца ма лела, Цуьнан даше ас ла ца доьгІна дела. Сан балане хьажий, ладогІалаш, халкъаш, Сан йоІарий, сан къонахий йийсарехь ма бу. qac Хqac*ьажахьа соьга, Веза Эла, дог доьхна со хиларна, Суна чохь мел йолу хІума егаеш дІахІоьтти. Дог а меттахдаьлла сан, Хьуна ас дуьхьало ярна. Арахьара деанчу туьро сайн берех со яьккхи. ЦІера хьал, ялар санна, ма ду сан хІинца. Дерриг а Исраилан халкъо дІатеттира Хьан товрат-хьехамаш. Хьан озе ла а ца дугІуш, иза дІадирзира Хьоьгахьара. Цундела вайх неІалт а, сардам а бахана, цу Делан лай волчу Муса-пайхамаро шен товрат-хьехамаш тІехь язбина болу, хІунда аьлча Далла хьалхахь вай къинош хьерчийна.
Выбор основного перевода