Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
«Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хІара весеташ аш кхочуш ца дахь, нагахь Сан парзаш дІа а теттина, Ас тІедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь, „НеІалт хуьлда къайлахчу метте дІахІоттийначу тІулгах я дечигах я лалийна цІу винчунна! Пхьеран куьйгашца дина хІума бен дац иза, Везачу Элана иза дегаза хета“. Дерриге а халкъо мохь тоьххна эр ду: „Амин!“ шайн вежарий болчу лоруш болчарах дІа а кхетта, сардаман таІзарх иштта чІагІо йо: Дала Шен ялхо волчу Мусагахула белла товрат-хьехамаш лар а бийр бу оха, вайн Хьалдолчу Везачу Эло мел дина весеташ а, тІедехкинарш а, парзаш а леррина кхочуш а дийр ду оха. Къа ду хьан, къилахь къам, къинойх дуьзна долу халкъ, зуламхойн тукхам, талхаран тІаьхье! Веза Эла дІа а тесна, Исраилан халкъан Везачу Делах а ца даьшна, Цунна букъ берзийна аша. Шуна кхидІа а хІунда таІзар дан деза? Шу кхидІа а хІунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гІелделла ду. Когийн айрашна тІера хьеюккъе кхаччалц дийна меттиг яц хьан дегІа тІехь. ДегІа тІехь чевнаш ю, сурхаш евлла, делладелла даьІнаш ду. Уьш цІан ца дина, дІа ца дихкина, царна даьтта ца хьаькхна, лазар лахдархьама. ТІаккха хІара халкъ Сох хІунда дІадирзина? Ярушалайм Суна массо а хенахь тешнабехк хІунда хуьлу? Іехорна тІаьхьабовлу уьш, ткъа Со волчу юхадерзарх къаьхка. Цундела Аса церан зударий кхечарна дІалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дІа. КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. qac Сqac*интем боцуш Везачу Эло Шен дош кхочушди, хьалххе дуьйна Ша хьедина ма-хиллара. Хьо къизаллица Цо хІаллакйи, Ширачу хенахь Ша билгал ма-даккхара. И мостагІчунна хазахийти. Хьо цаезначийн ницкъ айи. «Нагахь санна аша ла ца догІахь, нагахь санна Сан цІе лара шу доггаха тІедирзина дацахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас шуна неІалташ а кхайкхор ду, шун декъалдаршна сардамаш а духкур ду. ХІинцале а шуна сардам боьллина Ас, аша шайн дегнаш Суна тІе ца дерзийна дела.
Выбор основного перевода