Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Абунар Хьевроне юхавирзича, Йоаба, цуьнца къамел дан воллуш санна, дехьа а ваьккхина, цуьнан гайх хІума Іоьттира. Иштта велира Абунар, Йоабан вешин ІасахІалан цІий бахьана долуш. Паччахьо Йоабигий, Абушайгий, Итигий омра дира: «Жима стаг волу Абушалам кхоаве суна!» – аьлла. Массарна а дІахезира паччахьо Абушаламах лаьцна шен эскаран хьаькамашка аьлларг. Цо Йоабе жоп делира: «Сайна кара цхьа эзар шекхал дети схьаделча а, аса паччахьан кІантана тІе куьг хьур дацара, хІунда аьлча тхуна массарна а хезира хьоьгий, Абушайгий, Итигий паччахьо аьлларг: „Жима стаг Абушалам кхоаве суна!“ Йоаба элира: «Сан йиш яц хьоьца хан яйа!» Кхо жима гоьмукъ схьа а эцна, цо уьш ножан дитта тІехь валаза кхозуш волчу Абушаламан дагах чекхдехира. Іамасаа тидам ца бира Йоабан вукху куьйгахь доллучу туьран. Йоаба, Іамасаан гайх тур чекх а даьккхина, цуьнан чоко лаьтта арахийцира. Йоаба цунна кхин куьг тІе ца даьхьира, хІунда аьлча Іамасаъ велла Іуьллуш вара. Цул тІаьхьа Йоаб а, цуьнан ваша Абушай а Бихрин кІантана ШебаІана юха а тІаьхьавелира.
Выбор основного перевода