Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бахьрумара бен-яманхо волу Герин кІант ШамаІи а сихвелира яхІудхошца цхьаьна Дауд-паччахьна дуьхьалваха. Цуьнца цхьаьна вара цхьа эзар бен-яманхо а, иштта Шаулан цІийнах волу ялхо Цуба а, шен пхийтта кІант а, ткъа лай а. Паччахь схьакхачале, уьш Йордан-хи долчу схьабаьхкира. Уьш хил дехьа буьйлура, паччахьан доьзал дехьабаккхархьама а, паччахьна мел лууш дерг дархьама а. Йордан-хил дехьа ваьллачул тІаьхьа, Герин кІант ШамаІи паччахьна хьалха охьавуьйжира. Цо Дауде элира: «Хьо Ярушалаймера араволучу хенахь соьгара даьллачунна гечдехьа суна, сан паччахь волу эла! И хІума хьайн даг чохь ма латтадахьара ахьа. Хьан лай волчунна хаьа, ша къа латийнийла. Цундела тахана Юсупан цІийнах болчарна юкъара со уггар хьалха веана сайн паччахь волчу элана дуьхьал». Царуятан кІанта Абушайс элира: «Везачу Эло къобалвинчунна неІалташ кхайкхийна волу ШамаІи вуьйр вац ткъа?» ТІаккха Дауда элира: «ХІун дан деза аса шуна, Царуятан кІентий? Суна дуьхьалбевлла болу нах санна хилла шу хІинца. Муха воккхур ву тахана, милла а иза велахь а, цуьнан дахарх? Тахана суна гуш ма ду, со Исраилан халкъан паччахь хилар». Паччахьо ШамаІига элира: «Хьо лийр вац!» Дауда цу тІехь чІагІо йира.
Выбор основного перевода