Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд Бахьруме дІакхаьчча, цигара Шаулан цІийнах волу цхьа стаг аравелира. Цуьнан цІе ШамаІи яра. Иза Герин кІант вара. ШамаІи, неІалташ а кхайкхош, Даудана а, цуьнан ялхошна а тІулгаш кхуьссуш вогІуш вара. Делахь а, массо а эскархой а, майра нах а паччахьна аьтту а, аьрру а агІор дІахІиттина бара. НеІалташ а кхайкхош, ШамаІис бохура: «ДІавала, дІагІо, сий доцуш волу нах бойург! Зуламхо! Везачу Эло бекхам бо хьуна, ахьа Шаулан тІаьхьенан цІий Іанор бахьана долуш а, цул тІаьхьа хьо цуьнан метта охьахаар бахьана долуш а. Везачу Эло паччахьалла дІаделла хьан кІант волчу Абушаламан кара. Ткъа хІинца хьо баланехь ву, хьо цІий Іанош верг хилар бахьана долуш». Уьш хил дехьа буьйлура, паччахьан доьзал дехьабаккхархьама а, паччахьна мел лууш дерг дархьама а. Йордан-хил дехьа ваьллачул тІаьхьа, Герин кІант ШамаІи паччахьна хьалха охьавуьйжира. Цо Дауде элира: «Хьо Ярушалаймера араволучу хенахь соьгара даьллачунна гечдехьа суна, сан паччахь волу эла! И хІума хьайн даг чохь ма латтадахьара ахьа. Хьан лай волчунна хаьа, ша къа латийнийла. Цундела тахана Юсупан цІийнах болчарна юкъара со уггар хьалха веана сайн паччахь волчу элана дуьхьал». Царуятан кІанта Абушайс элира: «Везачу Эло къобалвинчунна неІалташ кхайкхийна волу ШамаІи вуьйр вац ткъа?» ТІаккха Дауда элира: «ХІун дан деза аса шуна, Царуятан кІентий? Суна дуьхьалбевлла болу нах санна хилла шу хІинца. Муха воккхур ву тахана, милла а иза велахь а, цуьнан дахарх? Тахана суна гуш ма ду, со Исраилан халкъан паччахь хилар». Паччахьо ШамаІига элира: «Хьо лийр вац!» Дауда цу тІехь чІагІо йира.
Выбор основного перевода