Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЮшаІ берриге а исраилхошна хьалха шена тІе а кхайкхийна, Муса цуьнга иштта вистхилира: «ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, хІунда аьлча оцу халкъан Везачу Эло церан дайшна лур ду аьлла чІагІо йинчу лаьтта тІе хьо хьалха вер ву, ткъа ахь оцу халкъе и латта шен дола доккхуьйтур ду. Везачу Эло, Нунин кІант ЮшаІ куьйгалхо санна къобал а веш, цуьнга иштта элира: «ЧІагІ а ло, доьналла долуш а латта, хІунда аьлча Ас цаьрга чІагІо йинчу лаьтта тІе ахь буьгур бу уьш. Со хьоьца хир ву». ЧІогІа а, къонахалла йолуш а хила. ХІокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь. ЧІогІа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Іалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тІера аьтту а, аьрру а агІор ма верза, тІаккха айхьа дечу муьлххачу а гІуллакха тІехь ларош хир ву хьо. Массо а адам даха дезачу новкъа волуш ву со хІинца. Шайн дагаца а, синца а шуна массарна а хаьа, шун Везачу Дала шуна деллачу ваІданех кхочуш ца хуьлуш цхьа а ца диснийла. Уьш дерриг а кхочушхилла, цхьа а ца дуьсуш!
Выбор основного перевода