Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудана, Набал велла аьлла, дІахезира. Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, со юьхьІаьржачу хІотто гІиртина волчу Набална таІзар дина волчу а, вон ца дойтуш, Шен лай кІелхьарваьккхина волчу а Везачу Эло Набалан зулам цуьнан шен коьрта тІе дерзийна». АбигІале, иза шена маре дІаюьгу ша аьлла, дІаала бахийтира цо. Дауд Бахьруме дІакхаьчча, цигара Шаулан цІийнах волу цхьа стаг аравелира. Цуьнан цІе ШамаІи яра. Иза Герин кІант вара. ШамаІи, неІалташ а кхайкхош, Даудана а, цуьнан ялхошна а тІулгаш кхуьссуш вогІуш вара. Делахь а, массо а эскархой а, майра нах а паччахьна аьтту а, аьрру а агІор дІахІиттина бара. НеІалташ а кхайкхош, ШамаІис бохура: «ДІавала, дІагІо, сий доцуш волу нах бойург! Зуламхо! Везачу Эло бекхам бо хьуна, ахьа Шаулан тІаьхьенан цІий Іанор бахьана долуш а, цул тІаьхьа хьо цуьнан метта охьахаар бахьана долуш а. Везачу Эло паччахьалла дІаделла хьан кІант волчу Абушаламан кара. Ткъа хІинца хьо баланехь ву, хьо цІий Іанош верг хилар бахьана долуш». Царуятан кІанта Абушайс паччахье элира: «Оцу деллачу жІаьло сардамаш хІунда духку сан эла волчу паччахьна? Аса, ваха а вахана, цуьнан корта схьабоккхур бу». Амма паччахьо элира: «ХІун дийр ду аса шуна, Царуятан кІентий? Вита иза. Везачу Эло цуьнга со сийсазваккха аьлла хилча, цуьнга: „Ахьа иза хІунда леладо?“ – ала мила ву?» Дауда Абушайга а, шен массо а ялхошка а элира: «Сох схьаваьлла волу сан кІант а со вен араваьлла хилча, хІокху бен-яманхочун хІун бехк бу? Іадвита иза, дохкийта цуьнга сардамаш, хІунда аьлча Везачу Эло цуьнга иштта аьлла. Тахана сан бала Везачу Элана дІагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега». Дауд а, цуьнца хилларш а шайн новкъахула дІабоьлхуш бара, ткъа ШамаІи Даудана тІаьхьаваьллачуьра дІа ца волура. Ламанан басехула схьавогІуш вара иза, Дауд волчу агІор тІулгаш а, чан а кхуьйсуш. Шаьш кхача безачу метте схьа а кхаьчча, паччахьо а, цуьнца хиллачара а, чІогІа кІадбелла хиларна, цигахь садаьІира.
Выбор основного перевода