Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іела волчу Делан стаг веара. Цо элира: «Везачу Эло хьоьга иштта боху: „Хьан ден цІенна Со ца вовзийтира Ас, уьш Мисар-махкахь пирІунан цІа чохь леш болчу хенахь? Массо а исраилхойн тайпанашна юккъера хаьржина вацара Аса хьан дай шех схьабевлла волу АхІарон Сайн динан да хилийта а, сагІа доккхучу кхерче ваийта а, хаза хьожа йогІу хІума ягаяйта а, Суна хьалха динан дас лелош йолу ийпад лелаяйта а? Массо а Исраилан кІенташа Сан дуьхьа доккхуш долчу сагІанийн дакъа ца кхочуьйтура Аса хьан цІенна? ХІунда бетта аша Сан дуьхьа доккхуш долчу жижиган а, баьпкан а сагІанийн дакъошна тІе когаш, Аса Сайн цІенна лерина долчу? Сан Исраилан халкъо Суна даьхначу сагІанийн уггар тоьллачу дакъойх хьан кІентий буза а беш, ахьа Со дІатеттина“». Цул тІаьхьа цу стага элира: «Исраилан халкъан Дала аьлла дара: „Хьан цІа а, хьан ден цІа а массо а хенахь Сан бІаьргашна хьалха гІуллакх деш хир ду“. Амма хІинца Везачу Эло боху: „Иза иштта хир дац! Сан сий деш волчун Аса а дийр ду сий, амма Сан цІе сийсаза йоккхуш верг юьхьІаьржачу а хІуттур ву. ТІейогІур ю Аса хьан массо а тІаьхье хІаллакьеш йолу зама. Хьан доьзалера цхьа а стаг къанло хан тІекхаччалц вехар вац. Исраилан мохк толуш дІагІур бу, амма хьуна гун дерш хьан доьзале кхочун долу вонаш ду. Хьан доьзалхойх цхьа а къанвелла лийр вац. Сайн кхерчан уллора массо а дІавоккхур вац Аса. Цхьаъ вуьтур ву Аса цуьнан бІаьргаш бІарздаллалц, цуьнан гІора дІадаллалц. Хьан мел йолу тІаьхье гІеметтахІоьттинчу хенахь лийр ю. Аса билгало йоуьйтур ю хьуна и зама тІекхаьчнийла хоуьйтуш: хьан ший а кІант, Хьапни а, Пайнехьас а, цхьана дийнахь лийр ву. Аса Сайна тешаме динан да дІахІоттор ву: цо, Сан даге хьаьжжина, Аса ма-бохху гІуллакх дийр ду. Аса цуьнан тайпа ницкъ болуш хуьлуьйтур ду. Цо, ша мел веха, Аса хаьржинчу паччахьан гІуллакх а дийр ду. Хьан цІийнах мел виснарг цунна корта тоха вогІур ву, жимма ахча я баьпкан дакъа ло бохуш. Цара цуьнга дехар дийр ду: ‘Динан дас беш болу муьлхха а болх лохьа суна, сайна сискал яккха’, – бохуш“».
Выбор основного перевода