Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса хьан элан цІа а, цуьнан зударий а хьуна дІабелла. Аса иштта Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а тІехь паччахьалла а делла хьуна. Нагахь санна хьуна иза кІезиг хеттехь, Аса кхин а дукха рицкъа лур дара хьуна. Дас цкъа а, иза я важа хІунда леладо ахьа аьлла, ца хоттура цуьнга. Адан-ЯхІу чІогІа хаза вара. Иза Абушаламал тІаьхьа вина вара паччахьна. Царуятан кІантах Йоабах а, динан да волчу Абу-ЯтІарих а дагаволура Адан-ЯхІу. Цара гІо а дора цунна.
Выбор основного перевода