Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іанатот-гІала а, цуьнан аренаш а, Іалмун-гІала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. Царна юкъара, Ахьтубин кІентан Ахьи-Маликан кІант волу Абу-ЯтІари бен, цхьа а кІелхьара ца велира. Иза, ведда, Дауд волчу дІавахара. Абу-ЯтІарис Дауде дІадийцира Шаула Везачу Элан динан дай байина хиларх лаьцна. Дауда Абу-ЯтІарига элира: «Цу дийнахь суна цигахь эдомхо волу ДуагІ гира. Суна хаьара, цо Шауле мотт тухур буйла. Со ву хьан ден доьзал байина хиларна бехке. Со волчохь саца, кхера а ца кхоьруш. Хьо вен гІерташ волчунна со вен а луур ду, цундела со хьуна Іуналла деш хир ву». Ахьи-Маликан кІант Абу-ЯтІари, ведда, Дауд волчу схьавогІучу хенахь, цо шеца еза ийпад а схьаеанера. ЦІадукъа а, цуьнца хилла болу левихой а Делан деза тІорказ схьадахьаш богІуш бара. ТІорказ охьахІоттийча, Абу-ЯтІари, берда тІе а ваьлла, цигахь лаьтташ вара, нах гІалара арабовллалц. Паччахьо ЦІадукъига элира: «Делан тІорказ гІала юха дІахьо. Нагахь санна Веза Эла суна реза велахь, Цо со цига юха а верзийтина, суна Шен тІорказ а, и лаьтта меттиг а кхин а гойтур ю. Нагахь санна Иза суна реза воцуш хилахь, Шена луъург дойла Цо суна». Цул тІаьхьа динан да волчу ЦІадукъига паччахьо элира: «Хьо Делера дерг гуш верг ма ву! Маьрша гІала юхаверза. Хьан кІант АхьимаІац а, Абу-ЯтІарин кІант ЯхІунатан а шуьца ву. Ткъа со кхузахь хин дехьарачу яьссачу аренгахь соцур ву, шуьгара сайна хаам хиллалц». ЦІадукъассий, Абу-ЯтІариссий Делан тІорказ Ярушалайме юхадерзийра. И шиъ цигахь сецира.
Выбор основного перевода