Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма шен паччахьаллин гІанта тІе ша охьахиъча, левихойн динан дайшкахь долчу тептарш тІера хІара товрат-хьехамаш шена дІаязбан беза цо. И дІаяздина тептар цуьнгахь хуьлийла, ша мел вехачу деношкахь даим а доьшийла цо иза, шен Везачу Деле ларамах вуьзна хила Іамархьама а, и берриге а товрат-хьехамаш а, парзаш а леррина кхочушдархьама а. Цуьнан дог кура ма долийла шен къомах болчарна хьалха, оцу весеташна тІера дІа ма волийла иза я аьтту, я аьрру агІор, иза а, цуьнан кІентий а дуккха а хенашкахь исраилхошна тІехь паччахьалла деш хилийтархьама». ХІокху бертан тІедожорашка, уьш кхочуш а деш, ладугІуш хилалаш, аша мел ден долчунна тІехь шайн кхиамаш хилийтархьама. ЧІогІа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Іалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тІера аьтту а, аьрру а агІор ма верза, тІаккха айхьа дечу муьлххачу а гІуллакха тІехь ларош хир ву хьо. ТІаккха Дауда элира: «Кхузахь хир ду Везачу Делан цІа, Исраилан халкъо дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч а хир бу кхузахь». Дауда омра дира, исраилхойн махкахь тІебаьхкина Іаш болу нах схьагулбе аьлла. Царна юкъара Делан цІенна кечбеш болу тІулг хьакха нах дІахІиттийра Дауда. Цо дуккха а эчиг кечдира кевнийн неІаршна оьшун долу хьостамий а, цу неІарийн кІажаш а дан. Иштта барам боцуш дукха цІаста а кечдира. Дагар ца даллал дукха баганан дечиг а охьадиллира Дауда, хІунда аьлча цІаданхоша а, цорахоша а вуно дукха баганан дечигаш еанера цунна. Дауда элира: «Сан кІант Сулим къона ву, иза говзалла йолуш а вац. Ткъа Везачу Элана лерина дан деза цІа, массо а къаьмнашна хьалха сийлаллина а, хазаллина а долуш, чІогІа сийлахь хила дезаш ду. Цундела аса кечам бийр бу цунна». Иштта ша дІакхалхале дукха хІума кечдина хилла Дауда. Шен кІант Сулим тІе а кхайкхина, Дауда цуьнга весет дира, Исраилан халкъан Везачу Далла цІа де аьлла. Дауда Сулиме элира: «Сан кІант! Сайн Везачу Далла лерина цІа дан дагадеанера суна. Амма соьга Везачу Элан дош кхечира. Цо элира: „Ахьа адамийн дукха цІий а Іанийра, баккхий тІемаш а бира. Суна лерина цІа ахьа дан ца деза, хІунда аьлча Суна хьалха дукха цІий Іанийна ахьа лаьтта тІе. Хьан кІант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагІашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цІе Сулим хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса. Цо дийр ду Суна лерина цІа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кІант хир ву. Исраилан халкъана тІехь долу цуьнан а, цуьнан тІаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чІагІдийр ду Аса“. Ткъа хІинца, сан кІант! Хуьлийла Веза Эла хьоьца, Ша хьох лаьцна аьлла ма-хиллара, хьайн Везачу Далла ахь цІа дарна тІехь хьан аьтто боккхийла Цо. Исраилан халкъана тІехь паччахь хьо дІа а хІоттош, Везачу Эло хьуна хьекъал а, кхетам а лойла, хьайн Везачу Делан товрат-хьехам хьоьга ларбайтархьама. Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тІедехкинарш а кхочушдан хьо гІертахь, ахьа до гІуллакхаш декъалдина хир ду. ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде. Ткъа хьуна, сан кІант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гІуллакх де, хІунда аьлча Везачу Элана хаьа хІораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дІаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дІатосур ву хьо.
Выбор основного перевода