Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта бекхам хилира цунна, Яруб-БаІалан кхузткъе итт кІант вер бахьана долуш. Церан цІий бахьана долуш бекхам хилира церан ваша волчу Абу-Маликна а, Шехеман бахархошна а, уьш байар тІетадина болчу. Дала иштта бекхам бира Шехеман бахархошна а, цара дина долу зуламе гІуллакхаш бахьана долуш. Яруб-БаІалан кІанта Йовтама кхайкхийна долу неІалт дахара царах. Абунар Хьевроне юхавирзича, Йоаба, цуьнца къамел дан воллуш санна, дехьа а ваьккхина, цуьнан гайх хІума Іоьттира. Иштта велира Абунар, Йоабан вешин ІасахІалан цІий бахьана долуш. Йоаба Іамасаига элира: «Хьо могуш вуй те, сан ваша?» Йоаба аьтту куьйгаца Іамасаан маж схьалецира, цунна оба яккха дагахь. Іамасаа тидам ца бира Йоабан вукху куьйгахь доллучу туьран. Йоаба, Іамасаан гайх тур чекх а даьккхина, цуьнан чоко лаьтта арахийцира. Йоаба цунна кхин куьг тІе ца даьхьира, хІунда аьлча Іамасаъ велла Іуьллуш вара. Цул тІаьхьа Йоаб а, цуьнан ваша Абушай а Бихрин кІантана ШебаІана юха а тІаьхьавелира. ахьа, исраилхойн паччахьийн некъа тІе а ваьлла, яхІудхой а, ярушалаймхой а кхечу деланашца лелийтина, Ахьабан цІийно халкъ цІушца ма-леллийтара. Кхин а хьайн ден цІенна тІера хьайл гІолехь болу хьайн вежарий а байина ахьа. Кхечунна ор доккхург ша оцу ор чу вужур ву.
Выбор основного перевода