Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахь хилла Дауд дІахІоьттича, цуьнан ткъе итт шо дара. Дауда шовзткъа шарахь паччахьалла дира. Хьевронехь ша волуш, цо ЯхІудан халкъана тІехь ворхІ шараххьий, ялх баттаххьий шен паччахьалла латтийна, ткъа Ярушалаймехь иза дерриг а Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а тІехь ткъе кхойтта шарахь паччахь хилла лаьттира. Юшайн кІанта, Дауд-паччахьо, олалла дина берриге а Исраил-махкана тІехь. Дауд-паччахьо Исраил-махкахь олалла дина хан шовзткъа шо яра. Хьевронехь – ворхІ шарахь, ткъа Ярушалаймехь ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира Дауда.
Выбор основного перевода