Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кураваьллачу Хьагатан кІанта Адан-ЯхІус (иза Дауд-паччахьан дийна бисинчех воккхаха волу кІант вара) ша паччахь хир ву олура. Цо шена гІудалкхаш а кечйира, дошлой а хаьржира, шовзткъе итт сиха лела стаг а гулвира. ХІунда аьлча Адан-ЯхІус тахана, ара а ваьлла, дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагІий а дайина. Берриге а паччахьан кІентий а, тІемалойн хьаькамаш а, динан да волу Абу-ЯтІари а тІе а кхайкхина, Іаш ву иза. ХІинца уьш и волчохь юуш а, молуш а бу. Цара боху: „Вехийла Адан-ЯхІу-паччахь!“ Хьан кІант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагІашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цІе Сулим хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса. Цо дийр ду Суна лерина цІа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кІант хир ву. Исраилан халкъана тІехь долу цуьнан а, цуьнан тІаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чІагІдийр ду Аса“. Везачу Эло дуккха а кІентий белла суна. Оцу сан массо а кІенташна юкъара Везачу Эло сан кІант Сулим хаьржина паччахьан метте охьахао Везачу Эло Исраил-махкана тІехь дечу паччахьаллехь. Везачу Эло аьлла соьга: „Дауд, хьан кІанта Сулима дІахІоттор ду Суна лерина долу цІа а, цунна гонахара керт а. ХІунда аьлча Аса, Сайн кІант ву аьлла, Сулим хаьржина, ткъа Со цуьнан Да хир ву. Нагахь Сулима хІинццалц санна, кхидІа а Сан дерриге а весеташ а, Сан хьехамаш а леррина кхочушбахь, Аса цуьнан паччахьалла чІагІдийр ду абаденналц“.
Выбор основного перевода