Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Абушалама шен эскаран коьрте Йоабан метта Іамасаъ дІахІоттийнера. Іамасаъ Исраилара ИтІар цІе йолчу цхьана стеган кІант вара. ИтІаран нана АбигІал яра. Иза Нахьашан йоІ а, Царуятан йиша а яра. Ткъа Царуят Йоабан нана яра. Шен эскар Дауда кхаа декъе дийкъира. Цхьа тоба, Йоаб коьртехь а волуш, дІахьажийра цо. ШолгІа тоба – Йоабан ваша волчу Царуятан кІант Абушай коьртехь волуш. Ткъа кхоалгІа тоба гатихо волчу Итица дІаяхийтира. Паччахьо гулбеллачаьрга элира: «Со а вогІур ву шуьца». Царуятан кІантах Йоабах а, динан да волчу Абу-ЯтІарих а дагаволура Адан-ЯхІу. Цара гІо а дора цунна. Ткъа Сулимах кхоьруш волу Адан-ЯхІу, хьала а гІаьттина, вахана сагІа доккхучу кхерчан маІех тасавелира.
Выбор основного перевода