Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхІунатин дуьхьа аса дика гІуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тІаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву». Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тІера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хІума хилийта. Ткъа хьан элан кІентан кІант Мапи-Бошат со волчохь яа хІума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кІант а, ткъа ялхо а вара.) Дауд Махьанайме схьакхаьчча, Іамминхойн Рабба-гІалара волчу вахархочун Нахьашан кІанта Шобас а, Ладебарара вахархочун Іамиалан кІанта Макира а, РогІлаймарчу галІадхочо Барзалайс а цхьаболу мотт-гІайба а беара, цхьадолу боганаш а деара, иштта кхийра пхьегІаш а еара. Цара иштта кІа а, мукх а, дама а, кхерзинчу ялтин буьртигаш а, кхоьш а, хьозийн кхоьш а, моз а, даьтта а, уьстагІий а, аттера яьккхинчу шуьрех йина йолу кІалд а еара Даудана а, цуьнца хиллачарна а яа. Цара бохура: «Адам яьссачу аренгахь гІел а делла, мац а делла, хьаг а делла». ГалІадхо волу Барзалай РогІлаймара схьавеанера, паччахьца Йордан-хил дехьа а ваьлла, иза цигара новкъа ваккхархьама. Барзалай чІогІа къена вара. Цуьнан дезткъа шо хан яра. Дауд Махьанаймехь волчу хенахь цо массо а хІума латтадора цунна, ша вехаш стаг хиларе терра. Паччахьо Барзалайга элира: «Вало соьца. Ярушалаймехь аса массо а хьуна оьшуш долу хІума латтор ду». Амма Барзалайс паччахье элира: «Сан паччахьца Ярушалайме ваха йиш яц, кІезиг хан ю суна йиснарг. Сан хІинца дезткъа шо ду. Дахарехь кхин хІумма а дац сан самукъадала? Хьан лай волчу соьга юучу хІуманан чам къасталур буй? Хезар дуй ткъа суна эшарш локхуш болчеран аьзнаш? Со муха гІертар ву сан паччахь волчу элана новкъа? Со кхин а жимма сайн паччахьца цхьаьна Йорданал дехьа дІавогІур ву. Паччахьо суна хІунда кхачийтина те оццул йоккха ял? Хьан лай волчунна ша винчу гІалахь, шен ден-ненан къуббан уллохь вала луур дара, цундела юхаверза пурба доьху аса. Сан кІант волу хьан лай КІамхІам вогІур ву сан элаца цо боххучу дІа. Хьайна луъург де ахьа цуьнца». ТІаккха паччахьо элира: «КІамхІам соьца схьаваийта. Аса цуьнан дуьхьа хьуна луъург дийр ду. Хьан дуьхьа а дийр ду аса хьан даго боххург».
Выбор основного перевода