Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делахь а, уьш эша а бина, Дауда Цийон олуш йолу гІап схьаяьккхина. ТІаьхьо цу гІопана, «Даудан гІала» аьлла, цІе тиллира. ХІунда аьлча сан паччахь волу олахо, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхетча, суна а, сан кІантана Сулимна а тІе бехк божор бу». Вежарий, аса билггала бакъдерг дІахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дІа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду. Амма Делан лаам кхочушбеш гІуллакх дина волчу Даудан дегІ кхелхинчул тІаьхьа телхина дІаделира. Иза шен дайшна уллохь дІавоьллина вара.
Выбор основного перевода