Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. Хьан цІа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гІант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“» Ткъа хІинца, Веза Дела, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цІийнах а лаьцна аьлла долу дош массо а тІейогІун йолчу ханна чІагІдехьа. Айхьа аьлларг кхочуш а дехьа, Ткъа Сулим-паччахьо жоп делира: «Хьайн лай волу сан да Дауд Хьуна хьалха тешаме а, бакъахьара а, дог цІена а леларна, Ахь цунна доккха дика дина. Цунна кІант а велла, иза, хІинца долуш ма-дарра, цуьнан паччахьан гІантана тІе а хаийна, Ахь цунна дина и доккха дика цунна тІехь битира Ахьа. Ткъа хІинца Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тІаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цІена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тІедиллина гІуллакхаш а кхочушде. ТІаккха и дерриг ахь кхочушдахь, хьан цІийнах цхьаъ даим а Исраил-махкана тІехь паччахьалла деш хир ву. Иштта дош деллера Ас хьан дена Даудана: „Хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. ТІаккха Везачу Эло элира Сулим-паччахье: «Хьо иштта леларна а, ахьа Соьца бина барт лар ца барна а, Аса хьайна бина хьехамаш ахь кхочуш ца барна а, Аса хьоьгара пачхьалкх билггала схьайоккхур ю, иза хьан уллорачарах цхьаннан кара а луш. Амма хьан ден Даудан дуьхьа Аса иза цкъа, хІинца хьо дийна мел ву, дийр дац. Хьан кІентан карара дІайоккхур ю Ас и пачхьалкх. Ерриг а пачхьалкх йоккхур яц Ас цуьнгара схьа. Сан лай хилла волчу Даудан дуьхьа а, Айса хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалин дуьхьа а цхьа дакъа лур ду Ас хьан кІантана». «Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа со Хьуна тешаме а волуш, доггах тІевирзина а хуьлуш, Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТІаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхІу. Нагахь хьан кІенташа Сан барт а, Ас царна ло бакъонаш а ларъяхь, церан кІенташа а гуттар а ахь динчу тайпана паччахьалла дийр ду».
Выбор основного перевода