Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда ша мел деш долу гІуллакх кхиамца дора, хІунда аьлча Веза Эла цуьнца вара. Даудан паччахьалла чІагІлуш дІадоьдуш дара, массо ницкъийн Веза Дела а цуьнца вара. Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура, цундела сан болар гал ца долура. Сайн мостагІашна тІаьхьа а ваьлла, царна тІекхиира со. Уьш, хІаллак а бина, байъалц юха а ца вирзира со. Хьала ца гІовттабаллал ас уьш охьабехкира, ткъа уьш сан когашка охьаийгира. Ахьа суна тІом бан ницкъ а белла, суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина. Ахь дІабовдийтинчу сан мостагІийн баккъаш суна гина, цундела со цавезнарш ас хІаллакбина. Цара, шаьш кІелхьардаха бохуш орца дохура, амма уьш кІелхьарбаха стаг вацара. Цара Везачу Эле кхойкхура, амма Цо царна жоп ца лора. Цо Соьга эр ду: „Хьо – сан да а, сан Дела а ву, со кІелхьарвоккхур волу тарх а ю“.
Выбор основного перевода