Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайн Іаш йолу меттиг шуна юкъахь дІахІоттор ю Ас, шух дІавоьрзур вац Со. Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду. ХІунда аьлча шун Дела шун меттаматтана юккъехула лелаш ву, шу лардархьама а, шун мостагІий шун карабалархьама а. Цундела шун меттамотт болу меттиг цІена хила еза, Цунна ган ца дезаш долу шух даьлла сийсаздерг а гина, Иза хьох дІа ца верзийтархьама». Шаул тхуна тІехь паччахьалла деш волчу хенахь а, ахьа Исраилан халкъ тІам тІе а дигна, цигара юха а далийна. Везачу Эло хьоьга элира: „Хьо Сан Исраилан халкъана тІехь жаІу хир ву, цуьнан баьчча а хир ву“».
Выбор основного перевода