Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Шамъала Юшайга хаьттира: «Массо а кІентий кхузахь буй хьан?» Юшайс жоп делира: «Уггар жима кхин цхьаъ ву. Иза хІинца жа дажош ву». Шамъала Юшайга элира: «Цхьаъ вахийтий, иза схьавалавайта. Иза схьаваллалц, вай хІума яа охьаховшур дац». Юшайс кІант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бІаьрг а болуш, юьхь тІера чІогІа товш кІант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гІаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза». Шаул тхуна тІехь паччахьалла деш волчу хенахь а, ахьа Исраилан халкъ тІам тІе а дигна, цигара юха а далийна. Везачу Эло хьоьга элира: „Хьо Сан Исраилан халкъана тІехь жаІу хир ву, цуьнан баьчча а хир ву“». Дауда Михуле элира: «Со халхаваьлла Везачу Элана хьалха, хьан ден метта а, цуьнан цІийнах мел волчун метта а со хаьржина, дерриг а Исраилан халкъан паччахь вина дІахІоттийна волчу. Цунна хьалха со кхин а халхавер ву. Цо Шен ялхо волу Дауд хаьржира, иза дежийлашкара схьа а ваьккхира.
Выбор основного перевода