23
Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цІе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гІуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргІатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дІалохкура Ахь.