Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со хьакъ вац Хьан соьга хедар боцучу безамна а, тешамна а. Со Йордан-хих дехьаваьлча, сан карахь цхьа гІаж бен хІумма а яцара, ткъа хІинца сан шина тобане бекъна бахам бу. Амма Мусас элира Деле: «Со мила ву, пирІунна тІеваха а, Мисарара исраилхой арабаха а?» Шаула элира: «Бен-Яманан тайпанах ма ву со. Исраилхойн тайпанашна юкъахь жимачарах ду иза. Цу тайпанна юкъара тхан гара уггар а жимаха ма ду. Ахьа иза соьга хІунда боху?» Амма Дауда Шауле элира: «Со а, сан ден цІа а Исраилан махкахь девзаш дац, со паччахьан нуц хилла дІахІоттал».
Выбор основного перевода