Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ церан деланаш иштта царна юххера болу, вай муьлххачу а хенахь Шега кхайкхича, вайн Веза Дела санна юххехь хуьлуш? Зе дарца а, билгалонаш гайтарца а, тамашийна хІуманаш дарца а, тІом барца а, ондачу куьйгаца а, дІакховдийначу пхьаьрсаца а, чІогІачу къематашца а кхин муьлха дела маца гІиртина те, кхечу къомах паргІат а даьккхина, цхьа къам шен дола даккха? Делахь а, и дерриге а шун бІаьргашна хьалха дина-кх шун Везачу Дала, шу Мисар-махкахь долуш! ДоІанна тІехь ас Везачу Эле иштта элира: „Хьалдолу Эла, хІаллак ма дехьа Хьайн халкъ, Хьайн долахь дерг, Ахь Хьайн сийлаллица паргІат а даьккхина, Хьайн ондачу куьйгаца Мисар-махкара арадаьккхина долу. Шайн хастамаш Цунна дІало. Иза шун Дела ву. Шун бІаьргашна гина долу и сийлахь долу а, ларамах дузуьйтуш долу а гІуллакхаш шуна дина волу Дела ву Иза. Исраилан халкъ – Хьан лай а, Хьан халкъ а ду, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а мах баккхарца паргІатдаьккхина долу. И саннарг Цо кхечу халкъашна ца дина, царна ца девза Цо тІедехкинарш. Хастам бу Везачу Элана!
Выбор основного перевода