Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас четар дІахІоттийра. Цкъа хьалха бух а хІоттийна, юха бІогІамаш дІа а хІиттийна, гураш а хІиттийна, хьокхий охьадехкира цо. Юха цу четарна тІехула кхалор а хІоттийна, тхов тІе хІума а йиллина, иза дІакъевлира, Везачу Эло тІе-ма-диллара. ТІорказ, четар кІел а даьхьна, хьалха шаршу а оьллина, дІакъевлира цо, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара. Делан четарна гонах марха хІоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира. „Мисар-махкара Сайн Исраилан халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гІала ца къастийра Аса, Сан цІе язъян лерина цІа хилийтархьама. Амма хІинца Дауд-паччахь хаьржина Ас Сайн Исраилан халкъана тІехь олалла дайта!“
Выбор основного перевода