12
Дауда, ваха а вахана, ГалІадан Явешера бахархошкара Шаулан а, цуьнан кІентан ЯхІунатин а даьІахкаш схьаийцира. (Цара уьш Байт-Шанарчу майданара къайлаха схьаэцна хилла, Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а, пІелаштамхоша ГилбаІахь вен а вийна, ирхъоьхкинчуьра.)