Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІа а дигна, Хьайн цІенна хаьржинчу метте охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла, Хьайна хІусам Ахь йинчу метте, Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦІийне! Нагахь санна Аса царна мел тІедиллинарг – Сан ялхо волчу Мусас царна тІедиллина берриг а товрат-хьехам – цара леррина кхочушбахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тІера исраилхойн когаш кхин цкъа а дІабуьгуьйтур бац». Сан куьйго цунна ницкъ а лур бу, Сан пхьаьрсо иза чІагІ а вийр ву. Бешара латта а аьхкина, тІулгаш дІа а даьхна, тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгІира Цо цига. Цул тІаьхьа беша юккъехь бІов а йира, муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира. Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Іийра Иза, амма цо муьста кемсаш бен ца елира. Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду, ЯхІудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира. Ницкъбар кхин хир дац хьан лаьтта тІехь, дохор а, хІаллакдар а – хьан дозанашкахь. Хьайн пенех ахь КІелхьарвалар эр ду, ткъа хьайн кевнах – Хастам.
Выбор основного перевода