Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Хьо хІинца, дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву. ТІаьхьо хІара халкъ, Суна тешнабехк а бина, ша тІедоьдучу оцу лаьттан нехан деланашна тІаьхьахІуттур ду. Цара Со дІатосур ву, цара Ас шайца бина болу барт талхор бу. ХІунда аьлча сан паччахь волу олахо, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхетча, суна а, сан кІантана Сулимна а тІе бехк божор бу». ТІаккха Дауд-паччахь, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гІанта тІе хиира со, хІинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа а дІахІоттийна. Везачу Эло чІагІо йина Даудана, Ша юхавер воцу ваІда дина Цо: «Хьан тІаьхьенах волчу стагана лур ю Аса ахь динчу тайпана паччахьалла дар. Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, Иза пайхамар вара. Дала цунна чІагІо йинера, цуьнан тІаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла. Ша аьлла ма-хиллара, Даудан тІаьхьенах волу Іийса кхайкхина Дала Исраилан халкъ кІелхьардаккха. Вежарий, ИбрахІиман бераш, шу а, Делах кхоьру хийрачу мехкашкара дерш, и кІелхьардовларх болу кхаъ вайна баийтина бара! И хаза кхаъ Делан КІантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хІух схьаваьлла ву.
Выбор основного перевода