Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хІуманаш кхуллург а мила ву? „Сан хьалдолу Эла, Ахь схьагайта долийна Хьайн ялхо волчу суна Хьайн сийлалла а, ондалла а. Кхин муьлха Дела ву стигалшкахь я лаьтта тІехь Ахь деш долу гІуллакхаш а, тамашийна хІуманаш а далуш? Аса ден долу цІа доккха хир ду, хІунда аьлча тхан Дела массо деланел а воккха ву. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тІаьхьенан хьехаме назма. Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гІуллакхаш а дац. Дела, Хьо воккха ву, Ахь до инзаре хІуманаш. Хьо цхьаъ бен Дела вац. Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду. Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза. Суна хиъна Веза Эла сийлахь вуйла, вайн Веза Эла массо а деланел лакхара вуйла. Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац. Ас хьуна ницкъ лур бу, хьуна Со вевзаш вацахь а. Веза Эла, вац Хьоьца нислур волуш цхьа а! Хьо сийлахь-воккха ву, Хьан цІе а ю еза Хьан нуьцкъалаллица! Лаьттахь я стигалахь бехаш «деланаш» хуьлу олу. И «деланаш» а, «беза элий» а дукха белахь а, вайна иштта ду: Дела цхьаъ бен вац вайн, Иза Да ву вайн, массо а хІума Цуьнгара хилла а ду, вай Цуьнан дуьхьа дехаш а ду. Иштта Веза Эла а цхьаъ бен вац вайн. Иза Дала леррина къобалвина Іийса ву, Цуьнгахула массо хІума хилла а ду, вай Цуьнгахула дехаш а ду.
Выбор основного перевода