Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла Исраилан халкъана чІогІа оьгІазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дІабелира, церан мостагІашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагІашна дуьхьал ца латтаделира. Исраилан халкъо миччахь тІом бича а, иза эшна хуьлура, хІунда аьлча, Ша ма-аллара, Веза Эла царна дуьхьал вара. Цундела Исраилан халкъ чІогІа балехь дара. Везачу Эло царна мехкан куьйгалхой хоржура. Цара уьш талораш деш лелаш болчарах ларбора. Аса Сайна тешаме динан да дІахІоттор ву: цо, Сан даге хьаьжжина, Аса ма-бохху гІуллакх дийр ду. Аса цуьнан тайпа ницкъ болуш хуьлуьйтур ду. Цо, ша мел веха, Аса хаьржинчу паччахьан гІуллакх а дийр ду. Амма царна шайн Дела волу Веза Эла вицвелира. Царна дуьхьал тІом бина болчу пІелаштамхойн а, Муаби-мехкан паччахьан а, Хьацор-гІалин тІеман хьаькам волчу Сисрин а куьйга дІабелира уьш Везачу Эло. ТІаккха уьш Везачу Эле, мохь а бетташ, дехарш дан буьйлабелира. Цара бохура: „Оха тхайх къа латийна. Веза Эла виц а вина, цІушна БаІалгІарний, ІаштартгІарний гІуллакх дан хІиттира тхо. МостагІчун карара тхо схьадахахьара Ахьа. ТІаккха тхо, Везачу Элана тІе а дирзина, Цунна гІуллакх а деш, лелар дара“. ТІаккха Везачу Эло ГадІаний, Беданний, Яптаххьий, Шамъаллий, шуна гонах лаьттачу мостагІех шу кІелхьардаха аьлла, бахийтира. Цул тІаьхьа шу, шайна гонахьара цхьа а кхерам боцуш, даха хевшира. Хьан лай йолчу суна къинтІера валахьара хьо. Везачу Эло сан олахочун тІаьхье билггал чІагІйина дІахІоттор ю, хІунда аьлча Везачу Элан тІемаш схьабахьаш вогІуш ву сан олахо. Хьо мел веха зуламе дерг ца даьлла хьох. Паччахь шен цІахь Іаш вара. Везачу Эло иза шена гонах болчу мостагІех мукъа витинера. Ткъа Ахьа, массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, Хьайн лай волчуьнга элира: „Аса хьуна цІа дийр ду“. Цундела Хьан лай волу со Хьоьга хІара доІа дан Хьох хІоьттира. Нагахь Ас омра мел динарг ахь кхочуш а дахь, хьо Суна тІаьхьа а хІоттахь, ахь Сан хьехамаш а, Сан весеташ а лардахь, Сан лай волчу Дауда лар ма-дарра, тІаккха Со хир ву хьоьца. Ас чІагІдийр ду хьан цІа. Хьан цІийнах паччахьийн цІа дийр ду Ас, Айса Даудана ма-дарра, Исраилан халкъ Ас хьоьга дІалур ду.
Выбор основного перевода